[00:00.000] 作词 : Имам Алимсултанов [00:01.000] 作曲 : Имам Алимсултанов [00:12.731]Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо, [00:16.782]Ӏуьйранна лом угӀуш тхан цӀераш техкина. [00:22.994]Лаилаха иллАллах. [00:25.298]Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна, [00:29.395]Тархаш тӀехь дой хьийзо дайша тхо Ӏамийна. [00:33.690]Лаилаха иллАллах. [00:35.841]Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна, [00:39.985]Тархаш тӀехь дой хьийзо дайша тхо Ӏамийна. [00:44.153]Лаилаха иллАллах. [00:46.296]Халкъана, махкана наноша кхоьллина, [00:50.501]Цаьршинна эшначохь, майра дӀахӀиттина. [00:56.777]Лаилаха иллАллах. [00:58.915]Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна, [01:02.980]Халонех, бохамех курра чекхдийлина. [01:07.300]Лаилаха иллАллах. [01:09.448]Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна, [01:13.575]Халонех, бохамех курра чекхдийлина. [01:17.698]Лаилаха иллАллах. [01:19.944]Мокхаза ламанаш даш хилла лаларах, [01:24.032]Дахарехь, къийсамехь яхь оха дӀалур яц! [01:30.266]Лаилаха иллАллах. [01:32.510]Бос Ӏаьржа ва латта молханах лелхарах, [01:36.651]Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац. [01:40.888]Лаилаха иллАллах. [01:43.007]Бос Ӏаьржа ва латта молханах лелхарах, [01:47.037]Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац. [01:51.230]Лаилаха иллАллах. [02:03.923]Тхо цкъа а цхьанненна къарделла совцур дац, [02:08.131]Ӏожалла, я маршо — шиннех цхьаъ йоккхур ю! [02:14.269]Лаилаха иллАллах. [02:16.569]Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо, [02:20.706]Хьомсарчу бӀаьргаша хьнаршна гӀиттадо. [02:24.947]Лаилаха иллАллах. [02:27.052]Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо, [02:31.193]Хьомсарчу бӀаьргаша хьнаршна гӀиттадо. [02:35.372]Лаилаха иллАллах. [02:37.639]Мацалло хьовзадахь, орамаш дуур ду, [02:41.584]Хьогалло тхаш бӀарздахь, бецан тхин мийра ду! [02:47.570]Лаилаха иллАллах. [02:49.828]Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду, [02:54.135]Халкъана, махкана, Далла а муьтӀахь ду! [02:58.336]Лаилаха иллАллах. [03:00.538]Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду, [03:04.763]Халкъана, махкана, Далла а муьтӀахь ду!