|
1аламе б1аьрг тухуш со новкъа волу, |
|
Лоьху ас бацалахь лар яйна тача, |
|
Дог а деттало са карзах долий. |
|
Безаман дитташ т1е сихвеш со кхачо. |
|
Геннара суна го уьш мохо лестош, |
|
Замано нилх дина тишделла генаш, |
|
Мерзачу ойлано уьш доггах хьоьстуш, |
|
Лехьош 1индаг1ехь левзина хенаш, |
|
Уьш леца г1ерта со цхьа жимма ловза, |
|
Ву моьтта со х1инца жималлин хьаша. |
|
ас доьг1на, кхиийна безаман дитташ, |
|
Лаьтта уьш тийналлехь дог 1овжош г1ийла, |
|
Цаьрца хьоьгуш 1индаг1ий марзо схьайетташ, |
|
Шун бонехь ойланца да лаьтти хийла. |
|
Шийлачу гуьйрено шен мохехь хьийзош, |
|
Кхоьхьу д1а дукха гена мажделла г1аш, |
|
Уьш леца г1ерта со цхьа жимма ловза, |
|
Ву моьтта со х1инца жималлин хьаша. |
|
Д1а яхна бералла со вуьтуш генахь, |
|
Ницкъ бацкха и шераш юхнехьа литта, |
|
Го суна вижанчохь мерзачу г1енахь, |
|
Дас доьг1на, кхиийна безаман дитташ. |